kkkkk
///
Нохчийн маттахь байташ
Илиас ГанийскийСуна ма хаьа шу нохчи доций,
Аш дуохарх, дозалла деш, тхан куйий коччий,
Йуьхь Iаьржа хитта деш, марзбелла бийцарх,
Тхан кIенташ гIазотехь ларабина цIийца,
Тхан мотта, тхан оьзда, тхан сийдолу мотта,
Тхо делла дIадевла, шун бисна ма мотта.
Ма мотта, тахана доьттина герзах,
Iехделла, къарделла бакъонан терза.
Маршонан кхайкхамо къастина эгна,
Даймахках, дайн латтах, дайн кошах хьегна
Тхан синош доIанашкахь; ткъа Делан рицкъа –
Тахана сатохар, кхана шу дицдар.
Мел дахарх суьрташ, мел дузарх киснаш,
ХIетте а шусанначарех цIе а ца йисна.
Шух кIеззиг вешаш ас яздо хIар дешнаш –
Шух дуьсур долу совнаха кешнаш.
2023 Chaumont, France